ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мел лахара а 6 стаг вийна Кабулехь Iожалхочо динчу эккхийтарехь


Еаридийнахь Кабулехь Iожалхочо тIеман академина уллохь динчу тIелатарехь мел лахара а 6 стагна чевнаш йина, лазийна 12, шайлахь могIарера бахархой а болуш аьлла, хааме даьккхина ОвхIанистанан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан пресс-секретаро Рахьими Насрата. Цхьана а тобано динчу зуламах жоьпалла тIелаьцна дац.

Рахьимис дийцарехь, маршалан Фахьиман цIарахчу тIеман академин КПП олучу постана уллохь ша шен эккхийтина Iожалхочо. Академин дешархой а, белхахой гIишло чу боьлхучу заманчохь, Iуьйранна меттигерчу хенаца 7 сахьт долучу заманчохь хилла ду эккхийтар.

Наха дийцарехь, эккхийтар хиллачул тIаьхьа, герзаш а дийлина хиллера цигахь.

Оцу академина масийттазза дина тIелатар, стохка Стигалкъекъа-баттахь а цхьана. ХIетахь "Исламан пачхьалкх" олучу тобано шена тIелаьцнера жоьпалла.

Ткъех шерашкахь ОвхIанистанехь боьду тIом сацо Iалашонца, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн векалийн а, тIалибийн а барт ца хуьлучу юкъанна дина тIаьххьара тIелатар уггар а даккхийчех лоруш ду Кабулехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG