ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Бокс а, футбол а езарна Iаткъам ловш бу мехкарий"


Гайтаман сурт

Кху материалан автор ю Расулова Анастасия

please wait

No media source currently available

0:00 0:04:01 0:00
Линкана тIе

Дагестанехь алсамбовлуш бу бокс а, футбол а дукха езаш болу йоIарий: цхьаберш спортзале а лела, Iуьйранна ида а уьду, кхечара тренировкашка а йон, къийсадаларшкахь дакъа а лоцу цара, яздо Кавказ.Реалино.

Цхьаболчу Дагестанера спортехь болчу мехкарий цIераш шуьйра евзаш ю. ТIаьхьарчу шерашкахь толамаш бохуш ю спортехь боксан дуьненан чемпион Магомедалиева Зенфира а, боксан дуьненан чемпионатехь дато мидал яьккхина Далгатова Саадат а, ткъа регбехь дика жамIаш гойтуш бу йижарий ХамидовагIара Наврат а, Байзат а.

ПаргIат кепара охьатохарх латарехь лаккхара меттигаш йохуш ю Воробъева Наталья а, Дадашева Милана а, Рахманова Замира а.

Дагестанера мехкарша хаьржинчу спортан кепашна юкъахь ю исбаьхьаллин гимнастика а, армрестлинг (куьглатийтар) а, футбол а. Амма тоьлла жамIаш гайтина республикерчу мехкарша боксехь а, паргӀат кепехь охьатохарх латарехь а.

Боксан дуьненан чемпион Магомедалиева Зенфира
Боксан дуьненан чемпион Магомедалиева Зенфира

"Кавказ.Реалиин" корреспонденто къастийра, мехкарийн спортехь хилар хьокъехь Дагестанерчу бахархошна хетарг.

Хьехархочо Мадинас элира, муьлхха а спорт хIора адаман шен харжам бу аьлла.

"Вовше ларам болчу юкъараллехь вай дехаш делахь, вай лара деза адамо хаьржинарг. Бокс я латар ас хоржур дацара, суна иза дукха божарийн спортан кеп хета. Амма карате я тхэквондо харжа а мегара ас. Сан кIант доьшуш волчу школехь дуккха а йоIарий бу цигахь сексешка лелаш. КIенташца цхьаьна къовсадаларшка а лела уьш. Нагахь спорт хазахеташ хилча хIунда ца оьшу цига лела?" – хоьтту Мадинас.

Дагестанан юкъараллин кхетамехь вуно чIагIъелла "зуда- кхачанан чоь-хинкал" стереотип, аьлла хета цунна.

"Суна хетарехь, дуккха а йоIарий Iаткъам ловш бу уьш боксе лелаш хиларна а, футболах ловзарна а. Хала хеташ делахь а, Дагестанехь дац хIинца а зударийн бакъонаш хилар хьакъ мадду тIеоьцуш Iедал", - боху хьехархочо.

Магомедалиева леташ хьожуш бу цуьнан фанаташ
Магомедалиева леташ хьожуш бу цуьнан фанаташ

Муьлхха а корматаллин спорт - могушалла талхор хиларх тешна ю цӀийннана йолу Лиана. "Зударшна могушалла оьшу, кIаьсттина тIаьхье йоло уьш дагахь белахь", - боху цо.

Иштта ойла йолуш ю журналист Магидат а. Цунна хетарехь, муьлхха хIума "тоамехь лелийча дика ду". "ЙоIан оьшуш ду зудчалла. И зудчалла цадайар мехала ду, ткъа боксехь я латарехь иза хила тарло. Амма со кхета наггахь спорт лелош хилахь амал кхиор Iалашонца", - билгадоккху Магидата.

Юкъараллин жигархо Булач спортана духьал вац. Делахь а, иза зударшна оьшуш ю аьлла ца хета цунна, лаххара а Дагестанерчу мехкаршна.

"Вайн боксах летачу Саадатан а, Зенфирин а доьзалшца доттагIалла лелош ву со. Вуно дика юкъаметтигаш ю сан цу шинца а, цу шиннан хIусамдайшца а. Амма, бакъдерг аьлча, ас къобалдеш дац иза.

Суна хетарехь, зудчо шен цӀийнан кхерчаца доьзнарг лело деза, спорт а йитина. Мегар ду спортан кхерче лела, ида а мегар ду. Амма цунах болх бина лелар вон ду мехкаршна а, божаршна а", - тешна ву Булач.

ПаргIатан кепехь охьатохарх латаран секце лела йоIарий
ПаргIатан кепехь охьатохарх латаран секце лела йоIарий

Изза аьлла хеташ ву ала мегар ду Расул цIе йолу совдегар а.

"Зударшкахь вайна зудчалла а, экамалла а, исбаьхьалла а хилар тов. Цундела хазахетарца хьовсу вай цара шайн говзалла гойтуш гимнастикехь а, яйн атлетикехь а, я тобанийн спортан кепашка. Амма цхьайолу спортан кепаш ю, зударшна оьшуш йоцуш. Иза уггар хьалха хьакхалуш ду вовшахлатарх", - бохуш дуьйцу цо.

Расула шена ца тов боху, боксах летачу зударша вовшашна буйнаш беттар.

"Суна хетарехь, дукхаха болу божарий хебаршка оьхуш хуьлу Instagram-хь ларамаза бодибилдинг лелийначу зударий сурташ гича. Сайн 10 шо долу йоI ас йохуьйтур яра латар Iамо, амма суна луур дацара иза цунах болх а бина лелийта", - бохуш вара иза.

Инстаграмера Кадыров Рамзанан аккаунт юха а дIакъевлина. Шуна хетарехь, мича бахьанашца?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG