ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсичоьнан делегаци дIаяхана Туркойчуьра, гарехь, барт а ца хилла


Туркойн эскархой Идлибехь
Туркойн эскархой Идлибехь

Идлиб провинцехь Шеман эскарша тIелатар доладар дийцаре дан Анкара еана хилла Оьрсийчоьнан делегаци дIаяхана Туркойчуьра, хаам бина Reuters агенталло, дипломатийн гонашкарчу хьастана тIе а тевжаш.


Гарехь, шина агIонан аьтто ца баьлла барт бан, цигахь хуьлу тасадаларш совцор хьокъехь. Цу тасадаларшкахь Идлибехь цхьана кIиранах вийна 13 туркойн эскархо, яздо "Американ аз" зорбан гIирсо.

Оьрсийчоьнан векалш кхечира Анкара дIадаханчу шотдийнахь, шемахойн эскархоша тIелатар а дина, 8 туркойн салти вийначул тIаьхьа масех де даьлча.

Оршотан дийнахь, Туркойчоьнан а, Оьрсийчоьнан а векалш Анкарахь дагадовларш дIахьош а болуш, шолгIа тIелатар дира туркойн эскаршна Идлиберчу Тафтаназ кIоштахь. Иза хилла Анкарано шемахойн тIелетар сацо цу регионе шен 1 эзар эскархо хьажийначул тIаьхьа.

Туркойчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро Чавушоглу Мевлюта хаам бира шотдийнахь дийцарш кхиам боцуш дIадирзинчул тIаьхьа Оьрсийчоьнан делегаци реза хилла оршотан дийнахь кхин цкъа а цхьаьнакхета аьлла.

Оьрсийчоьнан делегацин декъашхой иштта цхьаьнакхийтира президентан Эрдоган Реджепан хьехамчица.

И цхьаьнакхетар дIадирзинчул тIаьхьа Туркойчоьнан президентан администрацино леррина дIахьедар арахийцира, Анкарано Оьрсийчоьнан делегацине дIахьедина, Шеман къилбаседа-малхбузехь лаьттачу туркойн посташна тIелетарш сихонца совцо дезаш ду, ткъа уьш жоп доцуш дуьсур дац аьлла а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG