ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Нана а, бер а вовшахдаккхар доьхку исламо"  


Исмаилова Ламара, синӀаткъаман говзанча
Исмаилова Ламара, синӀаткъаман говзанча

ХIокху материалн автор ю Волкова Алиса

Исмаилова Ламара синӀаткъаман говзанча ю. Иза болх беш ю Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а. Ден-ненан а, берийн а юкъаметтиагш толлу цо. Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь Исмаиловас дуьйцу бер хьаьнца дуьсур ду бохучу хаттарехь кхелаша беш болу сацамаш хийцабаларх лаьцна.

Ламара, со нийса кхетахь, ахь бинчу сацамах дозуш ду-кх доьзал дIасакъаьсташ бер хьаьнца дуьсур ду бохург – ненаца я деца. Муха нисло иза дукхачу хьолехь?

– Экспертана хетачух дозуш дуккха а хIума ду, говзанчо дина хьехар мелла а алсам кхелахоша тидаме оьцуш хиларна. Амма тIаьххьара сацам бийриг кхел ю. Нисло дера ас, говзанчо санна бохург, тидаме ца оьцуш а, ас кечдина кехат гIуллакхана юкъа ца дохуьйтуш а. Сан практикехь дукхачу хьолахь сацам бора, берана ненаца дехаш хилча дика хир ду олий.

И бахьана долуш дуьхьалонаш-м ца хуьлу хьуна, Кавказехь Iедал ду бераш деца дехаш?

– Дукхахьолахь кхелаша сацамаш бора, бер ненаца дита деза олий. Амма тIаьхьарчу хенахь кхело нисса бIостанехьа сацамаш бар алсамдаьлла. Дино бохург схьаэцча, исламо доьхку наной а, бераш а вовшахдахар. Кхузахь цхьаьна ца догIу дин а, къоман менталитет а. Наггахь ГIалгIайчохь а, Нохчийн республикехь а кхело тидам боцуш дуьту, ненах даккхахь беран психикина зен хир ду, бохуш говзанчо дуьйург.

–​ Ткъа хIун хуьлу берана да-нана дIасакъаьстинчул тIаьхьа?

– Да-нана дIасакъастар тайп-тайпана хан йолчу бераша тIеэцар а ду тайп-тайпана. Хене хьажжина проблемаш лов цара. Уггар хала ду да-нана дIасакъастар лан 4-9 шо долчу берашна.

–​ Ткъа хIун бахьанаш ду доьзалш бохаран, вайн юкъараллехь и гIуллакх вон тIеоьцуш хилар тидаме эцча?

– Доьзалш бохаран бахьанаш тайп-тайпана ду. Амма чулацам цхьаъ бу – шена а, доьзална а хьалха жоьпалахь хила кийча цахилар. Цхьа агIо бен жоьпаллехь йоцу доьзал мацца къастий а, дIасакъаьста.

Доьзалехь ницкъ бина меттигашца Iоттаеллий хьоьца?

– Доьзалехь ницкъ бар а шен-шен кепаш йолуш ду. Еттар а, кхечу кепара ницкъ бар а бехктакхаман гIуллакхаш ду. Адамийн юкъаметтигашца йоьзначу процессашкахь ас дакъалоцуш хиларна, со Iиттаелларг синӀаткъаме ницкъ бар ду: Iаткъам бар, лаам а нуьцкъала хьехамаш бар, куьйган балхахь чолхе кеп хӀоттор а, кхерор а, иштта дIа кхин а.

Ткъа кхин хIун агIонаш ю берийн а, ден-ненан а юкъаметтигашца йоьзна ахь тидамехь латтош?

– Берийн а, ден-ненан а юкъаметтигашца доьзна кхело луьсту хаттарш доцурш, соьга сих-сиха гIо доьху кхиъна догIучу шайн берашца юкъаметтигаш лелош халонаш хьоьгучу дай-наноша.

Коьртачу декъана дай-наноша хьехош дерг хуьлу шайн кхиъна догIу бераш мобилан телефонех а, компьютерех а тIех сов дозуш хилар а, нийсархошца юкъаметтигаш дIанисъярца йоьзна церан халонаш хилар а, экзаменаш тIекхочуш бераша сагатдар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG