ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Германин прокуратурано федералан ордер елла Хангошвили вийнарг лаца


Берлинехь вийна Хангошвили Зеламха
Берлинехь вийна Хангошвили Зеламха

41 шо долу нохчийн мухIажир Хангошвили Зеламха Берлинехь вийна аьлла, шеконашца лаьцна Оьрсийчоьнан вахархо юха а лаца ордер елла Германин федералан прокуратурано. Бакъо йоцуш герз лелорна а, стаг верна а бехкево иза.

"Стохка Марсхьокху-беттан 24-чохь Берлинерчу Тиргартенан кхело иза лаца елла ордер хьуйцуш ю керла еллачу бакъонца", - аьлла бу хаам.

ГIуран-беттан юьххьехь дуьйнна талла долийна федералан прокуратурано Хангошивли вер. Царна бух болуш хета, Оьрсийчоьнан пачхьалкхан органаш оцу зуламна бехке хиларх далийна тоьшаллаш, билгалдоккху Bild гIирсо.

Бозуш боцчу журналистийн информацица, Хангошвили Зеламха вийна аьлла, бехкевечун бакъйолу цIе Красиков Вадим ю. Соколов Вадиман цIарах паспорт хилла цо лелош.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG