ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керла ролик яржийна Санкт-Петербургерчу "нохчийн барзо"


Санкт-Петербурган бахархой шена къинтIера баьхначу "нохчийн барзо" Абдылхасиев Мансура керла видео яржийна интернетехь, яздо "Фонтанкас". ТIетаIIийна "Лада Приора" машен хаьхкина воьдуш ша дIаязйина видео YouTube хIоттийна Абдылхасиевс шинаридийнахь. Финалехь некъан бохамах къаьхкинчу цуьнан машен блоках а тухий, некъахочунна тIекхетачуьра волу иза.

ХIара шолгIа инцидент ю Абдылхасиевх Iоттаеллераг. Стохка Лахьан-баттахь социалан машанашка видео хIоттийнера цо, «Лада Приора» машенчуьра, ша гIалин полицин урхаллина тIехволучу юкъанна корах ара а яьккхина, маса-топ етташ. Полисхойн камерана хьалха шен гечдар дехнера цо, цул тIаьхьа 30 денна чохь хан яккхийтира цуьнга. ГIуллакх толлучу юкъанна машен а дIаяьккхинера жимчу стагера.

Соьлжа-гIалахь вина, Санкт-Петербургехь вехаш ву 21 шо долу Абдылхасиев. Цуьнан "Приори" тIехь #нохчиборз аьлла, хештег ю хIоттийна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG