ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Кавказехь дика зер хилла вайн лерринчу сервисашна"


"Сеть" тобан бехктакхаман гIуллакхан фигуранташ, Чиллан-беттан 10-гIа де
"Сеть" тобан бехктакхаман гIуллакхан фигуранташ, Чиллан-беттан 10-гIа де

ХIокху материалан автор ю Волкова Алиса


"Сеть" тобан гIуллакхна методичка муха хилира Къилбаседа Кавказан федералан гонехь лело Iазап

Чиллан-беттан 10-хь кхел йира "Сеть" тобан гIарадаьллачу гIуллакхехула. Терроризм лелорна бехке винчу Пензерчу масех жимачу стагана колонехь яккха туьйхира ехха хенаш. Ткъа кегийрхоша чIагIдо шайн цхьаьнакхетарш дIадерзара страйкболах ловзарца бохуш.

Дуккха а шераш колонехь дохур ду кегийрхоша. Суьдхочо лаьрра бехкбиллархоша дуьйцург бух болуш хилар, кхелеозийначара шаьш дийцинарг бухе а диллина уьш бехке бина боллушехь. Кегийрхоша юх-юха а дIахьедарш до, шайна шаьш бехк тIеэцна хиларх лаьцна, тIехь Iазап латторна.

Хан тоьхначерах цхьаьннан адвокат волчу Мифтахутдинов Тимура бинчу хаамца, кегийрхойн суьдехь гӀо лоцу агӀо латкъам бан дагахь ю Европерчу адамийн бакъонашкахула кхеле.

Духе кхиаран муьлхха а кепаш лелор

Хьалха терроризм лерорна бехке бийраш бара Къилбаседа Кавказера схьабевлла нах. Царах дукхахберш уьйраш йолуш бара тайп-тайпанчу бусалбан вовшахтохараллашца, шайна юкъахь Оьрсийчохь йихкинарш а йолуш.

Черкасов Виталий адвокат ву "Агора" дуьненаюкъарчу адамийн бакъонаш ларйечу вовшахтохараллан

"Вайн лерринчу сервисийн векалшна дика "обкатка" олу зер хилла Къилбаседа Кавказан территорина тIехь. Хьалха цигахь муьлхха а кепаш лело бакъо яра духе кхуьуш, шайна юкъахь лецначарна тIехь Iазап латтор а долуш. Цу зеделлачух хIинца пайда оьцу Кавказал арахьа а", - боху цо.

"Комитет против пыток" тобан юрист волчу Пискунов Дмитрийна хета, "Сеть" тобан гIуллакх Юккъерчу Оьрсийчохь дуьххьарлера дац аьлла.

"Юккъерчу Оьрсийчу уьш дӀакхаьчнера дуккха а хьалха, экстремистийн артикалшкахула чубохкара аьттухьара а, аьррухьара а жигархой. "Сеть" а, "Новое величие" а тобанийн гIуллакхаш дуьххьарлера дац, 2000-гIа шераш чекхолучу хенахь дуьйна чехкайолу тренд шоръяр ду", - аьлла хета Пискуновна.

"Шеко йоцуш дагадохкуьйту Кавказехь хилла цу тайппа гIуллакхаш"

Цу процессана вуно чогIа тидам тIебахийтина юкъараллин жигархоша а, журналисташа а. Цхьа а вац кхел йинчу кегийрхой бехке хиларан тIегIаан мах хаадош, амма массо а догъоьцуш ву. Царах ю журналист Сугуева Юлия.

"Пензерчу аьррухьаран жигархойн гIуллакхехь вайна гинарг ду терроризмах лаьцна харц гIуллакхаш кхолларо а, къиза Iазап лелоро а, набахтехь яккха ехха хенаш еттаро а, шеко а йоцуш, дагадохкуьйтуш хилар вайна Къилбаседа Кавказехь хилла цу кеппара бехктакхаман гIуллакхаш", - боху Сугуевас.

"ХIун хила деза, цхьаъ хийцадалийта?"

Диканиг хир ду бохучуьнга дIоггара сатуьйсуш бац бакъонашларъярхой.

"Iазап лелоран хьалхара гIуллакхаш оха кхеле кхачийча, халкъо даре дира цу кепара проблема хилар. ТIаьхьо адам кхийтира, цхьа а хIума цунна дуьхьал далург цахиларх. Адамашна моттара иза полицин балхахь йолу дахаран айпалла ю. Ткъа ас ойла йо, хIун хила деза цхьаъ хийцадалийта? (Полицин) декъехь адам меженашка декъар? Вийна стаг ваар?", - хоьтту адвокато Черкасовс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG