ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Венехь 7 шо долу йоI йийначун юха довхоттуш ду


ШолгIа а довхоттур долуш ду Венехь 7 шо долу йоI йийначу Робертан, хаамбина "Кавказ.Реалии" портало. Бехкевечун могушаллин таллам бинчу шина а психиатран жамIаш кеп-кепара хиларца доьзна юха а гIуллакх талла сацамбина кхелахоша.

Прокуратурано лаьцна лор Хоффман Петер тешна вара, ша дийриг хууш, кхетамчохь вара иза, 2018-чу шарахь Стигалкъекъа-беттан 18-чохь цкъа садукъийна ен а гIоьртина, юха а урс хьаькхна лулара ворхI шо долу Хадишт юьйчу заманчохь аьлла.

Ткъа кхелан тIедилларца могушалла зийначу шолгIачу психиатро Герстл Манфреда аьллера, жимчохь дуьйна шизофрени олучу цамгарца хилла ву иза, ша лелочунна тIекхуьуш хилла вац Роберт аьлла.

Шина лоьран жамIаш бIостане доллушехь, Робертан бехкхилар тIечIагIдинчу кхело, дIакъевлинчу клиникехь даккха 13 шо хан туьйхира кIантана.

Роберт йоI йийна хилар тIечIагIдиннашехь, Австрин Лаккхарчу кхело шеконе биллина Венерчу кхело бина сацам.

Лакхарчу инстанцин суьдо динчу жамIашца, шина психиатран дIахьедар тайп-тайпана хиллехь, кхоалгIа эксперт хиллера юкъавало везаш аьлла цара.

ТIаьххьарчу шина баттахь дуккха а сахьташкахь Робертан могушалла зуьйш, цуьнца къамелаш деш схьаеанчу берийн психиатре Севеке Катрине ладогIа Iалашо ю кхелахойн.

"Кавказ.Реалиига" Венерчу кхелан векало Зальцборн Катаринас бахарехь, Робертан гIуллакх юха толлуш кхел йолалур ю карарчу беттан 13-чу дийнахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG