ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Газах алсам декхарш тIехьарчийна Нохчийчоьно


«Газпром межрегионгаз» компанина хьалха уггар а алсам декхар тIехьарчийначех ю Нохчийчуьра «Теплоснабжение» компани. Карадеанчу шеран Дечкен-беттан 1-чу дийнахь довзийтинчу зерашца, 2, 58 миллиард сом ду церан вовшахкхетта декхар. Ишта декхаршлахь йолчу компанешна юкъаяхна 2 миллиард сов ахча тIехьаьрчина Къилба ХIирийчуьра ОАО «Владикавказские тепловые сети» а.

Нохчийчохь декхаръяхна 4 организаци ю. 11, 3 миллион сом дIадала дезаш йолу ГIалгIайчуьра "Урс" олу цхьа компани бен яц. Кхарачойн-Чергазийчохь – пхиъ ю. Уггар ду декхархой болу меттиг ю Ставрополан кIошт - 19. Дагестанехь а, Кхилба ХIирийчохь а – 17, ГIебарта-Балкхаройчохь – 21.

XS
SM
MD
LG