ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровс шен вешин кIанте кховдийна спортан министран дарж


Спортан министр, 23 шо долу Кадыров Хьамзат
Спортан министр, 23 шо долу Кадыров Хьамзат

Нохчийчохь спортан министр хIоттийна мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен вешин кIант, 23 шо долу Кадыров Хьамзат. Инстаграмерчу шен пена тIехь иза декъалвина республикан парламентан спикеро Даудов Мохьмада.

Даудов Мохьмада декъалвина Кадыров Хьамзат дарже хIотторца
Даудов Мохьмада декъалвина Кадыров Хьамзат дарже хIотторца

Хьалхо Куьршала кIоштан администрацин префект вара Кадыров Хьамзат. Оршотан буса Кадыров Рамзанан шичас, Шела кIоштан куьйгалхочо Ибрагимов Турпал-Iелас ларамза Инстаграме баьккхира, Хьамзат къоман Кхерамзаллан Кхеташонан секретарь хIоттийна аьлла хаам. ШолгIачу дийнахь шен пост дIаяьккхира цо. "Кавказ.Реалии" кхиира цуьнан скриншот яккха.

Ибрагимов Турпал-Iелин декъалвар
Ибрагимов Турпал-Iелин декъалвар

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG