ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тутмакха Дадаев Заура шен суьрташ интернетехь даржор талла долийна


Дадаев Заур (архивера сурт)

Оьрсийчоьнан оппозиционер Немцов верна набахтехь таIзар токхучу Дадаев Заура социалан машанехь шеца цхьана хан йоккхучу тутмакхашца цхьана даар хIоттийначу стоьлан гонах даьхна суьрташ даржор талла долийна Иркутскан кIоштарчу таIзар кхочушдаран федералан урхалло (УФСИН). Кхааридийнахь бина цунах лаьцна хаам Иркутскерчу УФСИН-ан пресс-гIуллакхойн куьйгалхочо Хинданова Ольгас.

Шашлыкаш, кеп-кепара стоьмаш, мутташ хIиттийначу стоьла гонах бу 2018-чу шарахь зорбане даьхначу суьрташ тIехь тутмакхаш.

Талламхой тIекхиа дагахь бу, хьан, стенгахь даьхна суьрташ, интернете бовла аьтто а муха хилла церан. Низамашкахь тутмакхийн бакъо ю боху ФСИН-ан белхахоша, колонин дозан тIехь йолчу кафе чохь хIума кхалла а, вина де, я цхьа кхи деза де цу чохь даздан а.

Маршо Радионо яздира кхааридийнахь, политик Немцов Борис верна, набахтехь таIзар токхучу "Север" батальонан хиллачу хьалханчан Дадаев Зауран мобилан зIе а, интернете волийла а долчух тера ду аьлла, хаамбо "Муниципальный сканнер" хьостано аьлла. "ВКонтактерчу" цхьахйолчу аккаунтехь 2018-чу шеран Товбеца-беттан 3-чохь шен суьрташ зорбане даьхна хилла цо. ​

Оппозиционер Немцов Борис верна, набахтехь таIзар токхучу "Север" батальонан хиллачу хьалханчан Дадаев Зауран мобилан зIе а, интернете волийла а долчух тера ду аьлла, хаамбо "Муниципальный сканнер" хьосто. "ВКонтактерчу" цхьахйолчу аккаунтехь 2018-чу шеран Товбеца-беттан 3-чохь шен суьрташ зорбане даьхна цо.

2015-чу шарахь Чиллан-беттан 27-чохь Москвахь тапча тоьхна вийра Немцов Борис. Оцу зуламна бехкебина Нохчийчуьра бахархой Бахаев Хьамзат а, Дадаев Заур а, Эскерханов Темирлан а, ГубашевгIеран ши ваша Шадид а, Анзор а хенаш токхуш бу колонешкахь. 11 шарера 20 шаре кхаччалц хенаш йиттина царна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG