ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ша нохчо ву а бохуш, Тулехь нахера ахчанаш дохуш хилла цхьана стага


Ша нохчо ву а бохуш, меттигерчу бахархошкара ахчанаш дохуш хилла Тулан кIоштарчу цхьана курхалчо. Социалан машанерчу шен аккаунтехь яздина цунах лаьцна Нохчийчоьнан зорбан министро Умаров Джамбулата.

"ТIаьххьарчу заманчохь дукха нисло, шаьш "нохчий" ду, я "кадыровхой" ду а бохуш, нахера ахчанаш дохуш, бахам гулбе нах гучубийлар", - яздо министро.

Тулехь бехачу цхьана оьрсийн доьзало яьккхина видео шен пена тIе оьллина Умаровс. Цара дуьйцу, еххачу хенахь ша нохчо ву а бохуш, цхьана стага кхерамаш туьйсуш, ахчанаш дахарх шайгара.

"Мехкан куьйгалхочо тIедилларца, оха маса Кадыровн векал хьажийра юьйцу инцидент листа. Гучудаьлла, оцу "турпалхочун" цхьа а хьаса бац вайн къомах. Шен телефон дIа а яйина, къайлаваьлла и кIилло", - дуьйцу министро.

Оьрсийчоьнан бахархошка кхайкхамбина зорбан министро Умаров Джамбулата, нагахь санна цу кепара меттиг нислахь, хьем ца беш, полисхошка а, оьрсийн дуккхаъчу регионашкахь йолчу Нохчийчоьнан куьйгалхочун векалташка а дIахаийта аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG