ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемахь маьршачу нахана тIелатарна ЭрдогIано Москвана бехкбиллина


Шемарчу Идлиб провинцехь маьршачу нахана тIелатарш деш, уьш хIаллакбарна Туркойчоьнан президенто ЭрдогIан Реджепа кхааридийнахь бехкейина Оьрсийчоь. Нагахь санна, туркойн салташна юха а керла тIелатар дахь, Шеман пачхьалкхан эскархошна шаьш бекхам бийр бу аьлла, кхерамаш тесна ЭрдогIана.

Оьрсийн тIеман министралло дIахьедина, ЭрдогIана дуьйцург бух болуш дац аьлла. Шемахь террорхойн тобанаш маьршачу нахана тIехьа а лечкъаш тIемаш беш бу аьлла ду Оьрсийчоьнан тIеман министраллан дIахьедар.

Кху кIирнах туркойн Идлиберчу постана герзаш диттина. Иттех сов туркойн эскархо вийна. Москвага кхайкхамбина Хонкарас, Шеман президенте Асад Башаре регионехь йоьду тIеман операци сацаяйта аьлла.

Кхааридийнахь туркойн а, шемахойн а хаамийн гIирсаша яздира, Iамеркан а, Асадан а эскарш вовшахтасаделла хиллера аьлла. Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн коалицино а тIечIагIдина, Шемарчу салташца конфликт эккхар, яздо Reuters агенталло тIеман буьйранчийн информацина тIе а тевжаш. Оцу гонах дIахьош талламаш бу.

Масех кIира а ду Асадан эскарш Идлибан кIоштахь оппозицина тIелата дуьйладелла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG