ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров: "Сан гергара нах кIезиг бу куьйгаллехь"


Республикехь куьйгалле нах хIитточу хенахь, шен ден Ахмад-Хьаьжин некъа тIехь уьш хилар ша чоьте оьцу аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Кху деношкахь шен вешин кIант Кадыров Хьамзат а, йишиниг Закриев ИбрахIим а лакхарчу даржашка хIитторах комментари луш дина цо ишта дIахьедар министрийн кабинетан кхеташонехь.

"ХIаъ, Ахьмад-Хаьжин берийн бераш уьш хилар а ма ду боккъал аьлча уьш хIитточу хенахь ас юьхьарэцна", - боху Кадыровс. Шиммо а хьалха шаьш къахьегначу меттигашкахь кхиамца гайтина, шена цаьрца болхбан а атта ду боху Кадыровс. Шен массо а гергарнах ма бац боху мехкан куьйгалхочо Iедалан коьртехь.

"БIеннашкахь божарийн агIор гергара нах бу сан, амма царех 97 процент герз карахь бу", - аьлла, дIахьедина Кадыровс.

Жоьпаллин даржашка шен нах хIиттабо бохург бакъ ца дина Кадыровс.

"Дуьйцуш ду ас сайна чуьра а, гергара а нах хIиттабо бохуш. Ма-дарра аьлча, кху чохь дIасахьаьжча а гуш ду-кх, куьйгаллехь мел кIезиг бу сан нах", - дуьйцу регионан урхалхочо.

"Кавказ.Реалиин" тергамца, хьаькамашлахь бара Кадыровн йижарийн а, вешин а бераш а, невцарий а, шичой, маьхчой, дешичой, масех цуьнан тайпана стаг а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG