ХIокху материалан автор ву Магомедов Закир
ШолгIачу зудчун бакъонаш ларйеш яц я низамца а, я шариIатца а, я ламасташца а, яздо Кавказ.Реалиино.
Дагестанерчу Кизляр гIалара Батырова Асмаъ кхо бер а карахь йисина хIусамда а велла. Гергарчерах цунна гIо деш цхьа а вац, нана йоцург, цо а иза до къайлаха.
Дас а, вежарша а цуьнца юкъаметтигаш хедийна дукха хан ю, зуда йолчу стаге иза маре яхарна. Цуьнан майра велира шо хьалха некъахьовзамехь. Цу стеган йисина бизнес а, кхо петар а. Амма Асмаъан эмгаро хаийтина цуьнга, шайга цхьа хIума хир ду аьлла сатийса оьшуш ца хилар.
Батыровас дийцарехь, цуьнан воккхаха волчу кIентан 6 шо кхаьчна кIира хьалха, ткъа шолгIачуьнан дац цхьа шо а. Марехь хиларан цхьа а официалан кехат дац шен, боху цо. Иза цуьнан хIусамдас дина хилла зудчух шен шолгIа зуда хилар къайлахуш.
Дийцарехь, шолгIа бер дуьненчу даьлча зудчун дерриг а хиина, цо дов даьккхина. Майрачо ца къийсина шен зудчуьнца. Шена оьшуш хIумма а дацара, цуьнан петарехь ехаш яра ша, цунна бераш дукха дезара, бохуш дийцина Батыровас Кавказ.Реалиига.
Бусалба низамашца волу майра велла кIира даьлча хьалхарчу зудчо, бераш а эций, шайн петарера араяла аьлла кхо бутт хан елла Асмаъана.
Оццу хьолехь йисина ХIинжа-ГIалара яхархо Гаджиева Луиза а. Цуьнан майра велла вочу цамгарх. ХIинца шен йоIана а, кIантана а ша рицкъ лаха дезаш ю Гаджиева.
Шен хIусамден доьзална а, хьалхарчу зудчунна а хууш дара шех лаьцна, амма шайн доьзале ца эцара цара ша, бохуш дуьйцу Луизас.
Мах луш дехаш ду шаьш нехан петарехь, майра дийна волуш цо дIалора петарх а, коммуналан гIоленех а богIу мах, дуьйцу зудчо. Майра велча луш долу пособи схьаоьцуш ю хьалхара зуда.
Цу тайпа истореш дуккха а го юристана Алидибирова Наидина. Цо дийцарехь, шолгIачу зударийн бакъонаш цхьана а кепара низамашца ларйеш яц, церан ладоьгIийла яц адамийн бакъхьаралле а бен.
"Цу тайпа масийтта зуда хиларца йоьзна истореш хезча, ойла кхоллало, Оьрсийчохь шолгIачу зудчун бакъонаш ларйеш низаман статус юкъаяьккхича дика хир дара олий. Уьш цхьана а кепара бакъонаш йолуш бац. Оьрсийчохь лелачу низамашца цу тайпа зуда цхьаннан езар хилар а бен, кхин цхьа а статус йолуш яц", - дуьйцу Алидибировас.
Юристо дийцарехь, шолгIа зударий шайн бераш хьокъехь нийсо лаха арабовла лууш белахь, уьш сатухуш хила а беза, ондда нерваш йолуш хила а беза, хIунда аьлча, шолгIа зуда хьовха, хьалхара зуда а йитинчул тIаьхьа цхьа а хIума а доцуш йисина дуккха а меттигаш бу.
ШолгIачу зударийн проблема диндайша тIехь болх бан оьшучерах ю, боху ХIинжа-ГIаларчу цхьана маьждиган имамо Махачев СаьIида.
"Исламехь дац хьалхара а, шолгIа а, кхоалгIа а зуда бохург. Церан массера а цхьатерра бакъонаш ю. Амма Дагестанера божарий, иза дерриг а шайна хууш доллушехь, жоьпалла доцуш лелар долуш бу. Керла зуда доьзале яло лаам буй хьан? Масал эца Мухьаммад пайхамарера, иза ду-кх сан нахана хьеха. Массо а элчан зударшна вовше бевзаш хилла, ткъа пайхамаро цхьа а царах къастош ца хилла", - дуьйцу имамо.
Махачевс дийцарехь, хIусамда велча бераш кхабар а, кхиор а тIехь дуьсуш ду цуьнан гергарчу нахана.
Мисарара "аль-Азхар" универитетехь дешна Исаев Нурмухьаммад шарIан низамехула говзанча ву. Маситта зуда ялорах лаьцна дуьйцуш имамашна уггар хьалха цатоьарг ду маситта зуда яло кечвелларг цаьрга цхьатерра хьажа оьшуш хиларх лаьцна дийцар ду, боху цо.
Дагестанехь маситта зуда ялор даьржина хилар билгалдоккху Исаевс, шариIатца иза динехь къилахь дац бохуш. "Адаман дагахь дерг ду мехала. Иза дицдо. Везавоккхачо доьшу хьан дог, нахана хьалха ахь лело моттаргIанаш ца йоьшу", - боху Iилманчо.
Исаевс бохучунна реза ву Дагестанан университетера социолог Магомедов Расул. Республикехь ша-тайпа "нийса пропаганда оьшу маситта зуда ялор хьокъехь", аьлла хета цунна.
"Маситта зуда ялош доьзалш кхоллар дехкалур дац, иза далур доцуш хIума ду. Цуьнца цхьаьна массо а кхеташ ву шолгIачу зудчун хьал экаме хиларх. Бусалба стагана маситта зуда яло магорах лаьцна лекцеш оьшуш яц. Уьш тIех дукха хилла. Дийца деза хIусамдайн декхарех а, жоьпаллех а. Иштта бен мел йина а кхочуш ялур яц и проблема", - боху Магомедовс.