ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Экс-прокуроро йийна хилла шен хIусамнана


Къилба ХIирийчохь прокурор лаьттина Чельдиев Игорь лаьцна, адам дийна хила тарло цо аьлла, шеконаш кхоллаелла. "Кавказ.Реалии" портале дийцина цунах лаьцна ницкъаллийн структурехь. Бутт хьалха Чельдиевн яйна хилла зуда карийна церан Кобан эвларчу садаIаран хIусаман дозан тIехь.

"Хьалхо еллачу информацица, коьртах эчиг тоьхна йийна хиллера иза. Чельдиевн хIусаман территори тIехь лаьттах доьллинчуьра цуьнан дакъа хьаладаьккхина полисхоша. ЦIийнда бехкевина, шегара даьллачунна мукIарло а дина цо. Юьхьанца ларамза охьакхеттачу хенахь корта дIакхетта елла шен хIусамнана баьхнера цо", - дийцина "Кавказ.Реалиига" полисхоша.

Карладоккху, Дечкен-беттан 4-чохь яйнера 45 шо долу Боженко Ирина. Цуьнан йишас хамбира дуьххьара иза ярах полицига. Ткъа цуьнан майрчо дIахьедира полисхошка, йоьду-юьту а доцуш, шен ший а паспорт эцна, дIаяхна иза аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG