ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЭрдогIанна бекхам беш, эрмалойн геноцид къобалйина Шемахь


Османан имперехь 1915-чу шарахь эрмалой хIаллакбар геноцид ю аьлла, резолюци тIеэцна еаридийнахь Шеман парламенто. Хонкаран а, Димаьшкъан а юкъаметтигаш йоьхначу тIе а кхи а карзахъевллачу юкъанна бина сацам бу иза. ТIаьххьарчу деношкахь Шеман а, туркойн а эскарш масийттазза вовшашна чуччадахна хилла Шеман къилба-малхбузерчу Идлиб провинцехь.

Пачхьалкхан парламент президентна Асад Башарна Iаламат муьтIахь ю. Ткъа иза легитиме хилар къобал ца до Шемарчу герз эцна, гIаьттинчу оппозицино.

Парламентан спикеро еаридийнахь бехкейина Туркойчоь, Шемана дуьхьал "агресси" йолорна. "ДоттагIаллин эрмалойн къомана" дуьхьал "ЭрдогIанан дайша зуламаш лелийнера" аьлла, дIа а хьедеш. Туркойчоьно Димаьшкъана бехкбиллина, шалхонаш лелорна.

Де хьалха ЭрдогIана критика йира Оьрсийчоьнна, Идлиберчу маьршачу нахана тохарш дарна. Нагахь санна, кхул тIаьхьа шайн цхьа эскархо вехь, шаьш Асадан эскаршна тIелетар ду аьлла, дIакхайкхийра ЭрдогIана.

Идлибехь Асадан ницкъаша шемахойн оппозицина тIаьххьарчу деношкахь динчу тIелатарехь иттех туркойн тIемало вийра. Туркойчоьно шайн эскарш а, тIеман техника а тIеоьзна Идлибе. Дийцарехь, дуьхьалойинчу Туркойчоьно а вийна Шеман иттех эскархо. Шаьш Хонкарехьа хилар дIахаийтина Iамеркан Цхьанатоьхначу Штататаша а, НАТО-с а. 800 сов эзар маьрша нах тIаьххьарчу беттанашкахь бомбанех уьдуш, хIусамаш дIатуьйсуш бу, ООН-ан зерашца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG