ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ВОЗ: коронавирусан ун хьакхадала тарло кхи а 60% бахархойх


Коронавирусо даржийна ун бахьанехь дуккха а баларш хиллачу юкъанна Китайрчу Iилманчаша дIахьедо, коронавирусан керла кеп дуьненчуьрчу кхин а 60 сов процент адамашлахь яржа тарло аьлла. Bloomberg агенталлана еллачу интервьюхь дина цу кепара дIахьедар Дуьненаюкъарчу могушаллаIалашъяран организацин (ВОЗ) консультанто Лонджини Айрас.

Китайхь инфекци яржарна тIехь терго латточу Лонджинис бахарехь, хIора цомгушхиллачуьнгара шинна-кхаанна тIедолу и лазар. Цамгар ца яржийтарна тIехь тидам латто Iаламат хала хуьлу экспресс-тесташ цахиларна а, коронавирусан билгалонаш цхьаболчарна тIехь сиха гучу ца йийларна а аьлла, билгалдаьккхина консультанто.

Цунна хетарехь, цомгашчарна изоляци ярх а, карантин кхайкхорах а коронавирус сацалур яц. Делахь а, ВОЗ-ан говзанчаш тешна бу, Китайно кхечу пачхьалкхашна масал гойтуш ду аьлла, инфекцица муха къийсам латто беза гойтуш.

Карарчу заманчохь коронавирус хьакхаелла 64 эзар стагах. ТIаьххьарчу цхьана буса 5 эзар вахархочух и цамгар кхетта хилар гучудаьлла. 1380 стаг ву цунах велларг, дарба хилла 7 эзар гергга стагна. Китайл а арахьа коронавирусан инфекци токхуш ву 500 стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG