ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Этнограф Хасиев Сайд-Мохьмад кхелхина Нохчийчохь


Этнограф Хасиев Сайд-Мохьмад
Этнограф Хасиев Сайд-Мохьмад

Еарин буса Нохчийчохь кхелхина гоьваьлла, нохчийн историн Iилманийн кандидат, этнограф Хасиев Сайд-Мохьмад. 1942 чу шарахь Мангал-беттан 20-чохь дуьненчу ваьллера иза. Юьртара школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа Соьлжа-гIалин хьехархойн институтан историн факультете деша хIоьттира Хасиев.

Школехь хьехарчоун а, Iилманийн а, талламан а, историн а, меттан а, литературан а белхаш бина цо. 1973-чу шарахь историн Ӏилманийн кандидат хилира иза.

1991-чу шарера схьа 2000-чу шаре кхаччалц Нохч-ГIалгIайн синбахамаллин министраллехь йолчу мехкан фолклоран центран куьйгалхо лаьттира иза, цул тIаьхьа этнокультуран кхиаман центран урхаллехь а цхьана.

200 сов Ночх-ГӀалгӀайн а, Къилбаседа Кавказан а халкъийн этнографин а, этнологин а Ӏилманийн а, кхетамийн а белхийн автор ву Хасиев Сайд-Мохьмад.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG