ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Кхел Водонаевана ян ца еза, халкъ цу хьоле даьккхинчарна ян еза"


Водонаева Алёна
Водонаева Алёна

ХIокху материалан автор ю Гафурова Марият

Евзаш йолу блогер а, телевизионан программаш дIаяхьархо а йолу Водонаева Алёна полице кхайкхина ненан капиталах лаьцна цо аьлларг бахьана долуш, яздо Кавказ.Реалиино. Шен Instagram-хь цо дIахьединера "демографин проблема ненан капиталан барамца йоьзна яц, бахархойн дахаран тIегIа лахара хиларца йоьзна ю" аьлла.

"Хин йолчу тIаьхьенашна бале дала мегаш ду и I цхьа миллион тIех эккаш сом ахча, нагахь къелла сабӀарзделла дима а къаьркъан шиша эца ахча ца тоьуш лелачу Оьрсийчоьнан бахархой я быдло олу шаьш бацочу неъхана лаам кхочуш бон нах, цу миллион соьма дуьхьа бераш дан буьйлалахь", - яздинера Водонаевас.

Оццу минотехь цунна тIелетира ерриг а "пропагандин машен". Федералан каналашкахь ток-шоуш йолийра цунна хьажина, Пачхьалкхан думан депутато Милонов Виталийс элира иза вокзалехула лела зуда ю аьлла, ткъа парламентан лахарчу чоьнан спикеро Володин Вячеслава кхайкхам бира цунна 100 миллион сом гIуда тоха деза аьлла.

Цул сов, 2019 шарахь ГIуран-бутт чекхболуш Самаран Iедалша аборташ ма яхьара аьлла долахь йолчу клиникашка кхайкхам бича, Водонаевас яздира, шайга кхабалур ца хилча бераш дан оьшуш дац аьлла.

"Къоьлла а хьоьгуш, 3-4 бер деш болу доьзалех ца еша со. ХIунда деш ду уьш? Муха кхио бохку уьш?" – хеттара цо.

"Цул а хьехархошна а, лоьрашна а алапа тIетоьхнехь"

Доьзалшкахь дуккха а бераш хуьлчу Дагестанерчу бахархошна хIун хета Водонаевас динчу дIахьедарех лаьцна къасто хьаьжира "Кавказ.Реалиин" корреспондент.

ХIинжа-ГIалахь ехачу Дианина хетарехь, мел хала бахахь а 2 бер мукъане а хила деза доьзалехь.

"Оьрсийн доьзалшкахь цхьа бер хилар я цхьа а бер ца дар барамехь хIума ду. Амма тхан кхин менталитет ю. Дагестанехь доьзалехь 10-12 бер а хилара хьалха, амма цхьа а царах мацалла ца лара. Мелхо а оцу тайпачу доьзалшкара бераш кхиаме хилара дахарехь", - бохуш яра иза.

Нагахь цхьа бер долчу Водонаевана кхин бераш дан ца лаахь, иза цуьнан шен бакъо ю, билгалдоккху Хунзахан кIоштарчу дуккха а бераш долчу доьзалан нанас Магомедова Лаюзас.

"Ас а, сан хIусамдас а бераш тхаьшшина дина, пачхьалкхера ахча даккхархьамма ца дина. Дера, ахча цкъа а ма ца хуьлу сов, дахаран тIегIа лахара долчу къаьсттина тхан регионехь. Амма иза цхьа кӀеззиг йолу бонус бен яц", - бохуш яра иза.

Лаюзас цхьа шо хьлха схьаэцна ненан капитал, иза хIинца а хьалха санна Iуьллуш ду банкехь.

"Президенто алапа хьаладаьккхинехь гIоле хир дара хьехархошна а, лоьрашна а, къаьсттина ярташкахь. ТIаккха ненан капитал а оьшур дацара", - боху Лаюзас.

"Махкахь ирча хьал ду: мацалла, къоьлла, дешна цахилар"

Ненан капитало пайда баран метта зен дан а мега, аьлла хета Хасавюьртан кIоштарчу Мохьмадна. Зудчуьнца дIасакъаьстина ши кIант кхобуш вехаш ву иза.

Мохьмада дуьйцу, шен хиллачу зудчуьнца вуно бертахь вехаш вара ша бохуш. Амма кестта шена ах миллион сом дала мега аьлла хабар хезча "тIемаш довла дуьйладеллера цуьнан", чIагIдо цо.

Цу тайпаниг кест-кеcта хуьлу Дагестанехь, дуьйцу Тляратинан кIоштарчу вахархочо Шамсуддис. Цу бух тIехь дасабаьлла маситта доьзал бевза шена, бохуш вара иза.

Кизляран кIоштарчу Увайсова Равзанатан шина тайпа хьажар ду Водонаевас дуьйцучуьнга. Цхьана агIор цо дуьйцург нийса хета Равзатана. Ненан капиталан метта, тоам боллуш алапа а луш, белхан меттигаш кхолла еза бохучух тешна ю иза. "Цу кепара ахчанаш кхийдоро къоьлла хиларца йоьзна проблема дIаяккхалур яц", - боху цо.

Делахь а, аборташ ян еза аьлла Водонаевас кхайкхам бар аьшне хӀума алар хета Увайсована. "Кхел Водонаевана ян ца еза, халкъ цу хьоле даьккхинчарна ян еза" - боху цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG