ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КIиранчохь Асадан шолгIа кема а дохийна


Оппозицина дуьхьал президентан Асад Башаран эскаро тIемаш бечу Шеман къилбаседа малхбузерчу Алеппо провинцехь шолгIа кема дохийна пачхьалкхан ницкъийн. Социалан машанашкахь вертолет чудаийтарх Iорабаьккхина хаам тIечIагIбина туркойн Anadolu агенталло а. Пилоташ белла.

Интертенетхь яржийначу видео тIехь гуш ду, кеманах ракета кхеттийла. Алеппо провинцин малхбузехь а, Идлибехь а тIелеташ ду Асадан эскарш. Шеман эскарша официалехь дIахьедина, Димаьшкъа-Алеппо шоссена тIехь шаьш контрол эцна аьлла.

Оппозицин тобанашкахьа йолчу Туркойчоьно масийттазза бехира Димаьшкъе тIелатар сацаде.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG