ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лаьцна латтош волу заьIапхо дIахецар дехна Iедалхошка Кутаевс


Кутаев Руслан
Кутаев Руслан

Кху беттан 9-чохь вайна Нохчийчуьра вахархо Тураев Руслан шайн карахь хилар тIе ца лоцу полисхоша аьлла, цуьнан гергарчара. Оьшучу молхана тIекхача аьтто ца хилахь, коме ваха там бу иза боху цара. Кавказан къаьмнийн Ассамблейн куьйгалхочо Кутаев Руслана дехар дина чоьхьарчу гIуллакхийн министре, иза маьршавоккхуш гIо дахьара аьлла.

Соьлжа-гIалин вахархо варах дуьххьара хааме даьккхира Кутаев Руслана. Тураевн хIусаманас орца дехна хиллера цуьнга, полици кхайкхина вахчхьана цуьнгара кост дац аьлла, яздо "Кавказский узел" агенталло.

ПIераскандийнахь Кутаевс Фейсбукерчу шен пена тIехь пост хIоттийра, Алханов Русланна лерина: "Доьху хьоьга, катоххий юкъагIортий, бакъо йоцуш лаьцна 60 шо долу заьIапхо Тураев маьршаваккха" аьлла.

Кутаевс бахарехь, Тураевна хууш ца хилла, ша стенна тIекхайкхина полисхоша, хууш дац бахьана цуьнан гергарчарна тахана а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG