ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Магасехь митингехь хиллачу Хамхоевна хан тоьхна колонехь яккха


Ставрополан кIоштарчу Железноводск гIалин кхело цхьа шо а, бархI бутт а хан тоьхна колонехь яккха, Магасехь хIоттийначу митингехь дакъалаьцначу Хамхоев Зубейрна, яздо "Мемориало". Iедалан векална дуьхьал ницкъ баьккхина цо аьлла, бехкх тIечIагIбина суьдхоша. Росгвардин ши эскархо лазийна цо аьлла, бакъдина бехкъкъасторхоша. Ша бехке вац бохуш, дуьхьало латтийра Хамхоевс.

Колонехь лаьцначохь даьккхина цхьа де шина дийнан метта лоруш хиларе терра, карарчу баттахь маьршаваккха там бу Хамхоев.

Стохка Заздоккху-баттахь Магасехь митинг хIотийнера Нохчийчоьно а, ГIалгIайчоьно а дозанах бинчу бартана реза боцчу бахархоша.
ШолгIачу дийнахь оппозиционерийн тасадаларш хиллера ницкъахошца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG