ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркан а, тIалибийн а барт хилла Мюнхенехь


ПIераскандийнахь Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн лаккхарчу векало дIахьедина, Iамеркан тIалибашца бартхилла герзаш совцош аьлла. Associated Press агенталло хаамбарца, гергарчу хенахь дуьйна маслаIат лардийр долуш ду шина а агоIно, тIаьххьара а Iамеркан эскарш ОвхIанистанера ара а дохуш.

Iамеркан пачхьалкхан секретаран Помпео Майкан а, тIеман министран Эспер Маркан а ОвхIанистанан президентца ГIани Ашрафца цхьанакхетар хилира пIераскандийнахь кхерамзаллан дуьненаюкъара конференци йоьдучу хенахь Мюнхенехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG