ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Депутатан Ахмадовн йишас арздина полицига, шен вежарий аьшнаш бина аьлла


Шина беран нана Сосуркаева Лиана
Шина беран нана Сосуркаева Лиана

Нохчийчоьнан парламентан депутатан Ахмадов Сайд-Iабдуллин йишас Ахмадова Iайшата чIагIдо, шех а, шан шина вешех а лаьцна харц, шайна тIехь доцург кхуллуш, шаьш аьшнашдеш хаамаш баржийна веллачу вешех йисина Сосуркаева Лиана жоьпе озае аьлла.

Хьалхо Сосуркаевас "Кавказ.Реалиига" дийцинера, шен цIийнда веллачул тIаьхьа, марвашас бераш дIадаьхна шегара аьлла.

"Сан вашас шегара йоI а, кIант а хуьлучу пайдана дуьхьа дIадигина бохуш, чIагIдора Сосуркаевас. Иза бакъ дац, сан вежарий аьшнаш бархьама дина къамел ду", - аьлла ду йишас динчу дIахьедарехь.

Дуьйцург ду, стохка Дечкен-беттан 9-чохь "Кавказ.Реалиис" зорбане яьккхина публикаци. Сосуркаевас дIахьедира, шен 7 шо долу кIант Рахьман а, 8 шо долу Ясмина а бертаза Итон-Кхелахь шен хиллачу марвашас латтош ду аьлла.

ЦIийнда кхелхина цуьнан 2014-чу шарахь.
Зудчо дийцарехь, Ставрополера шен петар дIайоьхкина, цIенош дан аьлла, ша делла ахча а юхадала дагахь вац цунна Ахмадов.

Сосуркаевас чIагIонаш йо, ша Iорабаьхна хаамаш бакъхиларх, видеоматериалашца а, кхелерчу кехаташца а дан тоьшалла а ду шен бохуш.

Кху деношкахь АхмадовгIеран йишас кхеле динчу арзан хьокъехь, хеттарш дан тIекъайкхина хиллера Сосуркаева Лиана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG