ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шайн республика Нохчийчоьнах таръяларна саготта ву Чехин премьер-министр


Iамеркан Wall Street Journal хьостана еллачу интервьюхь Чехин премьер-министро Бабиш Андрейс ша ца кхета аьлла, шен пачхьалкхан цIе йоккхучу заманчохь Czechia стенна яздо.

"Суна ца тов ишта. Чехин Республика ю хIара. Хууш вац со, ишта лартIахь доцуш и дош яздан хьанна дагадеана", - аьлла цо, дахначу шарахь ша еллачу, кху деношкахь Wall Street Journal гIирсо зорбане яьккхинчу интервьюхь, яздо Radio Prague International оьрсийн маттахь долчу хьостано.

Бабишна хетарехь, кхечу пачхьалкхийн бахархошна ингалсан Czechia аьлла вариант Нохчийчоь (Chechnya) дашца тардала мега.

Deník N хьрстано карладоккху, ООН-ан базехь хийцамаш байта 2016-чу шарахь цу кепара яздар къобалдира ша Бабиш Андрейс, иза премьер-министран хьалхара гIовс волчу хенахь. ХIетахь министрийн кабинето официалан сацамбира, Чешская Республика яздеш -Czech Republic, ткъа доца олуш, Чехия - Czechia аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG