Красноярскан махкарчу Березовскан кIоштан кхело 2 баттана лаьцна цу кIоштан прокурор Аслаханов Бекхан. Иза а, цуьнан ваша а бехке веш ву цу шиммо бизнесхочуьнгара 500 эзар сом кхаъ эцна а, ахча схьаоьцуш юкъарло лелорна а.
Цунах лаьцна оршотан дийнахь хаам бина Красноярскан мехкан кхелан зорбан сервисо. Цу хаамца а догIуш, прокурор Аслаханов лаьцна латтор ву Охан-беттан 13-чу дийне кхаччалц. Иштта кхело 2 баттана чувоьллина кхаъ оьцуш юкъарло лелийна цуьнан ваша Аслаханов Алихан а.
Аслаханов Бекханан 35 шо ду, кIоштан прокуратуран куьйгалхо иза хIоттийнера 3 шо хьалха. Красноярскан мехкан прокуратуран органашкахь иза болх беш вара 2013-чу шеран Оханан-баттахь дуьйна.
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!