ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чехаш нохчий бу моттарна сагатдечу премьерна Бабишна жоп делла министро Умаровс


Нохчийчоьнан къоман политикехула а, арахьарчу уьйрашкахула а, зорбанан а министр Умаров Джамболат.
Нохчийчоьнан къоман политикехула а, арахьарчу уьйрашкахула а, зорбанан а министр Умаров Джамболат.

Нохчийчоьнан къоман политикехула а, арахьарчу уьйрашкахула а, зорбанан а министро Умаров Джамболата шена хетарг довзийтина Чехин премьер-министро Бабиш Андрейс шина республикан цIераш цхьаьтера хилар хьокъехь дIахьедар дарна.

"Нохчийн халкъ дIоггара сагатдийр долуш дац, нагахь цхьанна товш дацахь шех нохчо алар", - дIахьедина Умаровс "Говорит Москва" радиостанцин эфирехь йинчу комментарехь. Цо бехкевина Бабиш Малхбузерчу "русофобех а, чеченофобех" а лаьттачу публикина ша везийта гIортарна.

Хьалхо Wall Street Journal газетана еллачу интервьюхь Бабиша ша реза цахилар хаийтира Чехийн Республика олучу Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан декъашхо йолчу шайн пачхьалкхана "Чехия" аьлла цIе тиллирна.

Суна иза хеттане а хаза ца хета иза. ХIунда аьлча иза иштта хилча нахана тарлур ду "Чехи" "Чечня" ю <...> Тхайниг Чехийн Республика ю. Ткъа суна ца хаьа цу тайпа сонта ойла дага хьанна еана. Хьерадаьлла хIума", аьлла Бабиша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG