ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчуьрчу зудчунна кхетта коронавирус


Ши кIира ду "Даймонд Принсес" Иокогаман портехь карантинехь лаьтташ долу
Ши кIира ду "Даймонд Принсес" Иокогаман портехь карантинехь лаьтташ долу

Японин бердашца лаьттачу "Даймонд Принсес" круизан хIордан кеманна тIехь йолчу Оьрсийчуьрчу зудчун коронавирус карийна лоьрашна, хаам бо Маршо Радион Оьрсийн сервисо, Оьрсийчоьнан цу махкахь йолчу векалаллина тIе а тевжаш. Карарчу хенахь зуда дарбанан цIийне охьайиллина ю.

Иза дуьххьарлера Оьрсийчоьнан махкахо ю коронавирус кхетта йолу, оцу лайнер тIехь а, вуьшта а.

"Даймонд Принсес" хIордан кеман тIехь ву 3 эзар сов стаг. Ши кIира ду лайнер Иокогаман портехь карантинехь лаьтта.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG