ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хангошвили верца ФСБ-н зIе хиларх лаьцна шен таллам арахецна Bellingcat-о


Стохка Берлинехь Гуьржийчуьра мухIажир Хангошвили Зелимха вийна Соколов Вадим харц цIарца вевзачу Оьрсийчоьнан махкахочо Красиков Вадима Европе вахале тенировкаш йина хилла ФСБ-н "Вымпел" лерринчу тобанан базехь, маситтаза хилла иза Вернадскийн цIарахчу проспектехь ФСБ-н антитерроран урхаллехь, дуккхазза а телефонехула къамелаш дина цо "Выпмпелан" белхахошца.

Цунах лаьцна чIагIдеш ду Bellingcat-о а, немцойн журнало Der Spiegel а, Оьрсийчьурчу The Insider зорбан гIирсо а бинчу оршотан дийнахь архецначу талламехь. Оцу талламан авторийн аьтто баьлла Красиковс Берлинехь ша стаг веле Оьрсийчохь лелийначу телефонан номер муха ю хаа. Иза карийна Красиковн зудчуьнгахула.

Цу номерна тIера йиттинчу зIено гайтина Хангошвили вен кечлуш Красиковн ФСБ-ца уьйраш хилла хилар. Bellingcat-на хетарехь, цу операцина куьйгалла деш хилла инарла-полковник Тихонов Александр.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG