ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн блогер Алиев Iимран вийна стаг уьйраш йолуш хила мега Кадыровца - Business Insider


 Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Нохчийн блогер Алиев Iимран вийна стаг ву бохуш вуьйцург уьйраш йолуш хила мега Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца. Цунах лаьцна яздо Business Insider зорбан гIирсо, ницкъаллин структурашкарчу шайн хьасташна тIе а тевжаш.

Цу наха динчу дIахьедарца, цара хаамаш гулбина цу стагах (киллерх) лаьцна, ткъа цара гойту иза Кадыровца юкъаметтигаш йогIуш хилла хилар. Цу кепара Алиев вер политикан бух болуш ду боху верси бакъ хуьлуш ю, бохуш чIагIдо Business Insider-ан хьасташа. Цара дийцарехь, блогер вевзаш хилла киллерна.

Маршо Радионо яздина ма хиллара, Францин къилбаседанерчу Лилль гIалахь вийна карийнера цу махкахь веахаш волу нохчо Алиев Iимран, "Мансур Старый" аьлла, цIе яхна волу. Дийцарехь, отелехь урс диттинера цунна мила ву ца хуучу стага.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG