ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIаагерчу кхело ЮКОС-ан акционерашна 50 млрд евро дала декхарелахь йина Оьрсийчоь


ХIаагерчу Аппеляцин кхело декхарелахь йина Оьрсийчоь 50 сов миллиард евро дала ЮКОС мехкадаьттан компанин хиллачу акционерашна. Цунах лаьцна хаам бина шинарин дийнахь Reuters агенталло.

Цу гIуллакхехула лааткъам бинарг ю Group Menatep Limited компанина юкъайогIуш йолу офшоран кхо структура Hulley Enterprises а, Yukos Universal а, Veteran Petroleum а. Церан долахь яра ЮКОС-ан 70 процент акцеш. Цу структурийн ахча дайра цу компанех банкрот ярна, яздира хьалха Forbes-о.

Цу компанийн акционерашна компенсаци яларх лаьцна сацам бинера 2014-чу шарахь ХIаагерчу кхело. Оьрсийчоьно ма дарра аьлча, дIаяьккхинера ЮКОС компани цуьнан долахошкара, билгалдоккхуш дара кхелан сацамехь. Кхелан версица, Оьрсийчоьнан Iедалш леррина банкрот йинера ЮКОС, цу компанин активаш дIаяха а, цуьнан куьйгалхо Ходорковский Михаил политикера дIаваккха а.

ТIаьхьо оцу сацамна кхиамца латкъам бинера Оьрсийчоьно. ХIинца цуьнан аьтто бу латкъам бан Нидерландийн Лаккхарчу кхеле.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG