ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIаларчу аэропортана реконструци ярехула тендер дIахьур ю Зазадоккху-беттан 6-хь


Соьлж-ГIалара аэропорт
Соьлж-ГIалара аэропорт

Соьлж-ГIаларчу аэропортана реконструкци еш белхаш барехала тендер дIахьур ю тIебогIучу Зазадоккху-беттан 6-хь. Цунах лаьцна хаам бина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цо дийцарехь, проект кхочуш ян хьажор ду 16 миллиард сом.

Хьалхо бинчу хаамашца, аэропортана реконструкци яр дIадолор ду 2021-чу шарахь, дагалаьцначу хенал хьалха, ткъа дIадерзор ду 2023-чу шарахь. Юхьарлаьцначу проектаца а догуш цигахь йийр ю керла автовокзал а, 45 метар шуьйра а, 3200 метр еха а йолу кеманаш гIуьтту а, охьаховшу а аса а, кхин йолу объекташ а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG