ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIаларчу аэропортера дIасавоьдучу билетийн мехаш охьабахар тIедожийна Кадыровс


Соьлж-ГIаларчу аэропортера дIасавоьдучу билетийн мехаш охьабаха некъаш лохур ду Нохчийчоьнан Iедалша. Иза дар тIедожийна царна республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Чиллан-беттан 18-хь премьер-министрца Хучиев Муслимца хиллачу цхьаьнакхетарехь.

Кадыровс дийцарехь, Соьлж-ГIаларчу аэропортера дIасавоьдучу билетийн мехаш луларчу регионашкахьчул шозза алсам хиларна вуно дукха латкъамаш кхаьчна цуьнга республикерчу бахархошкара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG