ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхушара ХьаьжцIа баха луучаьргара кехаташ схьаэца долийна Нохчийчохь


СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкхе кхушара зиярте баха луучаьргара кехаташ схьаэца долийна Нохчийчохь. Хьалхо муфтиято хаам бина ма хиллара, кху шарахь ХьаьжцIа вахаран мах бу 3600 доллар, хаам бо "Нохчийчоь тахана" агенталло. Стохлерачуьнца буьстича мах хьалабаьлла 300 долларна.

Нохчийчуьрчу динан урхалло зорбан конференци дIаяьхьна хьаж кхочуш дан Макка а, Медине а воьдург мах хьалабаларан бахьана дуьйцуш. Иштта республикерчу муфтиятан апаратн куьйгалхочо Курабанов Супъяна дийцарехь, цуьнан коьрта бахьанех ду 2020-гIа шо доладелчхьана визан а, кеманан билетийн а мехаш хьалабовлар.

Цо иштта хаам бира хьажой тIехь болу хьалхара кеман рейсаш юьйлалур хиларх лаьцна Товбецан-бутт (июль) юккъе болуш. Юханехьа кеманаш лелар долалур ду Марсхьокху-беттан 8-хь дуьйна 15-чу кхаччалц.

ХьаьжцIа баха Нохчийчьурчу бахархошна елла стохка санна 2600 меттиг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG