ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Милашинас Нохчийчохь шена еттар таллар доьху Бастрыкине


Милашина Елена
Милашина Елена

Дукха хан йоцуш Нохчийчохь муьлш бу ца хуучу наха йиттинчу "Новая газетан" журналисто Милашина Еленас кхайкхам бина Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалхочуьнга Бастрыкин Александре, шена а, адвокатана Дубровина Маринина а Соьлж-ГIалахь тIелатар дар талла аьлла. Цунах лаьцна хаам бо "Новая газето".

Журналистана а, адвокатана а тIелатар динера Соьлж-ГIалахь кху беттан 6-хь. "Континент" хьешан хIусамна хьалха динна тоба тIелетта хиллера цу шинна. Милашинас дийцарехь, царна йиттинарш бара коьртачу декъана зударий.

Милашина а, Дубровина а Соьлж-ГIала яханера Кадыров а, цуьнан а го а беха хIусамаш гойтуш видео яккхарна кхеле озийначу Нуханов Исламан суьдан кхеташонехь дакъалаца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG