ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Оьрсийчоьнан цхьана кIотара дахна а, дIагIур долуш дара тхо"


Материалан автор Пейсахова Анна

"Росстата" динчу зерашца, Нохчийчуьра а, Дагестанера а бахархой дIаэха боьлла. ДIадахначу шарахь масех эзар стаг махках велира. Баха тIебаьхкинчу нахал а лакхара гойту республикашкара дIабахначийн терахь. Шина Кавказан регионерчу бахархошка хеттарш дира "Кавказ.Реалиин" корреспонденто, церан даймахкарчу дахарх, буй уьш кхечухьа баха дIабаха дагахь а, нагахь санна, кхечу мехкашкахь Iер-дахар нисдина бехаш белахь, хIун бахьанашца дIабахна уьш.

Дагестанера Сиражудинова Саида политикийн Iилманийн кандидат ю:

Со дIаяхна тоххара. Аьхка садаIа, я белхан хьокъехь, я цхьа лекцеш еша бен ца йогIу со Дагестане. Тхан эвлахь божарий бисина а бац. Саьнгар яккха борша стаг эшнера суна, ца карийра. Махачкалара мел а кIезиг дIаоьху нах.

Нохчийчуьра Фатима бухгалтер ю:

Европе дIаяхна Iийна ю со. ХIан-хIа, цигахь Iалур яцара со, хIунда аьлча, тхан менталитет кхи ю. Уллохь стаг воцуш паргIат хир яцара со. Нагахь санна, зуда йисина, я йитина елахь, цунна гIоле ду шен нахана уллохь яьхча. Ткъа цIийнда хилча-м хIунда ца воьдура кхечу махка дIа?! Европа сан меттиг бац. Суна тов Нохчийчоь, гонахара адамаш. ПаргIат ду кхузахь, паргIат волавала а йиш ю, исбаьхьа гIала ю, школаш ю диканиш, белхан меттиг лаха а хала дац.

Нохчийчуьра Лана шина беран нана ю. Балхахь яц иза:

Нохчийн менталит чIогIа коьрта ю, цхьана хIумано хуьйцур яц иза. Суна сайн мохк а беза, цуьнан дуьхьа Ставрополера цIа еана-кх со. Тхан гIиллакхаш, ламасташ, тхан бераш кхиор а ма ду цхьа башха - и дерриг а доцуш со муха мегар яра? ХIан-хIа, цхьанхьа а дIаяха дагахь яц со, кхечу пачхьалкхе-м стенна дуьйцура, ур-атталла, Оьрсийчуьрчу гIаланашка а цхьана…

Францехь веха Iумар:

Доьзалхо ву сан могуш воцуш, масийтта лазар ду цуьнца. Дуьненчу воккхачу хенахь лазийна ву боху иза. ЦIахь дарбанаш лелийна ас цунна лоьрашкахула, дукха ахчанаш доьхкина, амма цунах гIоле ца хилира. Ткъа кхузахь гIоьналлин организацино тIелецира тхо, дарбанаш ду лелош. Со цецвуьйлу, дарбан хIусаме воьду со, ткъа сайца молханаш дахьа ца деза ас, цара шаьш ло. Цхьана баттахь мел а гIоле хилла тхан доьзалхочунна, хIинца кхидIа а курс ю дIахьош. Дехар ду сан, цIарца со ца вийцар, хIунда аьлча, сан нана а, доьзал а бу цIахь, дарба лелийна ваьллачул тIаьхьа юхаваха везаш со суо а ву.

Польшехь веха дагестанхо Расул:

Со Дагестанан патриот ву, цхьанхьа а дIагур ву аьлла, дагахь дацара суна. Дерриг а мегаш дара суна. Мисарахь вара со доьшуш, цхьаммо-м полицига хаам бина, со Шемахь тIемаш беш хилла ву аьлла. Ас ца бина тIемаш, хIетте а Iедалан кара ца вахархьама дIаваха дийзира сан. Со политикан тутмакх ву. Шемара тIом берзаре хьоьжуш ву со, цIа ваха лууш.

Европан пачхьалкхехь ехаш ю Дагестанера Мириам:

Деградаци ю цигахь, цIахь исламан радикализм ю. Со шина йоьIан нана ю, тIехь да а воцуш лелош ю аса и шиъ. Даймахкахь уьш кхаба аьттонаш бац. Коррупци а ю цигахь! Ахча ца лахь, сан бер школе дахийта таро хир яц сан. Чохь а, тIехь а хIаллакхир ву цигахь, сайна а, шина берана а рицкъ даккха гIоьртина.

Бельгехь студент ву нохчо Аслан:

Доцца эр ду ас: Вен Iалашонца лоьхуш ву со Нохчийчохь. ХIаъ, Iедалхошца доьзна ду и. Ас вийна стаг а вац, ас лачкъийна хIума а яц, иштта ша хьал ду-кх цигахь лаьтташ. Оцу Iедална генахь вахар гIоле ду. Царна со везахь а, ца везахь а - царна генахь гIоле хета-кх суна.

Рабаданова Зейнаб, Дагестан:

Со-м гIур яра кхузара дIа. Иштта ойла йолуш кхин а дуккха а бу. ХIинца-м мел а тийналла лаьтта, ткъа тоххара ЦПЭ-хь дукха бераш дара, цундела дIаоьхура кегийрхой. Дукхахболчу дайша а, наноша а дуьне мел ду дIаидадо шайн бераш. Экстремизман центрехь чоьте эцна цхьа кIант. Иза вац хьуна я ламаз деш а, Москвахь вехаш ву, къаьркъа а, цигаьрка а узучу ресторанехь болх беш ву иза. Ша а цхьана ву кIур боккхуш а, молуш а. ХIу дин лелор дара цо? Ши шо а ду иза цIа ван йиш йоцуш волу. Дагестанехь иза гучу ма ваьлли, меттигерчу кIоштах жоп луш волу полисхо вогIу церан цIа, хеттарш дан. Муьлххачу а Оьрсийчоьнан юьстах йолчу кIотара дIадаха а реза ду-кх тхо.

Нохчийчохь хьехархо ву С.:

Нах дIаоьху тайп-тайпанчу бахьанашца, хуьлийла уьш экономикан, политикан, социалан, массо а агIор тIеIаткъам хуьлий, са даккха а ца вуьту и стаг. Берийн кхане ца го царна оцу хьелашкахь.

Вуьйш дIабоьлху махкара, шайн са дадийна. Соьга хаьттича, сан сайн цхьацца бахьанаш ду.


Нийса дуй Кадыровс коронавирус бахьанехь лелориг?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG