ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

СадаIа вахана Дагестанера кхо вахархо вайна Нохчийчохь


Алиев Нилланан паспорт
Алиев Нилланан паспорт

Нохчийчохь лоьхуш ву лар йоцуш вайна Дагестанерчу Дербентера кхо вахархо: 30 шо долу Алиев Ниллан а, 35 шо долу Мустафаев Сеидайдин а, 62 шо долу Аскеров Хьаьким а. Цунах лаьцна хаам бо Кавказ.Реалиино, Алиев Нилланан нанна Наргизина тIе а тевжаш.

И кхо стаг Дербентера араваьлла Чиллан-беттан 9-хь "Лада Калина" машенахь. Машенна урхалла деш хилла Аскеров.

Алиева Наргизас дийцарехь, уьш садаIа баха дагахь хилла Соьлж-ГIала. ТIаьххьара шен кIантаца телефонехула цо къамел дина Чиллан-беттан 10-хь. "Турист" хьешан цIийнехь севцна хилла Дербентан бахархой, амма цигахь уьш дIабахана аьлла Чиллан-беттан 10-хь.

Чиллан-беттан 11-хь гергарчара Нохчийчуьрчу а, Дагестанерчу а полице хаам бина шайн нах байна хиларх лаьцна, амма цкъачунна царах хилларг хIун ду хууш дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG