ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сурков балхара дIаваларна комментари йина Песковс


Сурков Владислав
Сурков Владислав

Владислав Сурков Оьрсийчоьнан президентан гIоьнчан даржера мукъаваьккхина цуьнан шен лаамца. Цунах лаьцна хаам бина Оьрсийчоьнан куьйгалхочун зорбан секретаро Песков Дмитрийс, яздо "Оьрсийчоь тахана" телеканало.

Песковс дийцарехь, Сурков балхара дIавалале Путин Владимир цхьаьнакхийтира цуьнца.

Кхин дIа Сурков хIун дан дагахь ву а, цо дарж дитаран бахьана хIун ду а ца хаьа шена аьлла Оьрсийчоьнан президентан зорбан секретаро.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG