ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эрдоган: Туркойчоьно Шемахь тIеман операци дIаяхьар доьзна ду иза маца хир ю бохучух


Туркойчоьнан президент Эрдоган Реджеп
Туркойчоьнан президент Эрдоган Реджеп

Шемарчу Идлибехь тIеман операци дIаяхьарца доьзна хаттар иза маца хир ю бохучух бен кхин цхьанне а хIуманах доьзна дац аьлла, дIахьедар дина Туркойчоьнан президенто Эрдоган Реджепа. Цунах лаьцна хаам бо Reuters агенталло.

Цо дийцарехь, тахана Димашкъ тIаьххьара варе йина Анкарано, ткъа Идлиб хьокъехь план кечъяр чекхдаьккхина Туркойчоьно. "Эвххьаза аьлча, Идлибехь операци дIаяхьар иза хир йолчу хенаца бен доьзна доцу хаттар ду", - билгалдаьккхина цо.

Шемарчу Идлибехь маьршачу нахана тIелатарш деш, уьш хIаллакбарна Туркойчоьнан президенто дIадаханчу кIиранах бехкейира Оьрсийчоь. Нагахь санна, туркойн салташна юха а керла тIелатар дахь, Шеман эскархошна шаьш бекхам бийр бу аьлла, кхерамаш теснера Эрдогана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG