Материалан автор ю Пейсахова Анна
Германерчу Социал-демократин партин (СДПГ) цIарах Бундестагехь депутат хаьржина нохчийн йоI Бах Бела бахьана долуш баккхий къийсамаш дIахьош бу Социалан машанашкарчу нохчийн пабликашкахь.
Къоман дресс-код ца лелош, шен белхан накъосташца-божаршца цхьана суьрташ дохуш, цу тIе нохчашна пайден доцчуу низамашкахьа йолчу 29 шо долчу йоIа-политико гIовгIа гIаттийна машанехь. Цхьана декъо хестайо иза, баккхийбоь цуьнан кхиамех, вукхара емалйо, цу тайпаниг нохчо хуьлийла дац бохуш.
Европехь бехачу нохчашка хеттарш дира оха, муха хета царна нохчийн йоI Бундестагехь хъилар, дикане сатуьйсий цара тIейогIучу заманчохь аьлла. Хетарехь, оццул IалагIож гIаттарна, Бахан гергарчара а, иха евзачара а комментареш ц ало, ткъа ша депутат а сих луш яц, шен официалан агIонехь дечу хеииаршна жоьпаш дала.
Соьлжа-гIалахь яьхна ПетIмат, тахана Мюнхенехь дIатаръелла еха. Пхеа шарахь оцу гIалахь партин декъан куьйгаллехь хилла ю Бах. Шегарчу шеконех дийцира ПетIмата: "Оцу лакхене иза кхачар доккха ниIмат ду, бакъду, стохка партин декъашхошца цхьана мухIажиршна депортаци ен, уггар а хьалха нохчех хьакхалур долу низам хьалхатоьттура цо. Меттигера немцой а цхьана митинге арабевллера дийцадаьккхина низам тIеэцарна кхоьруш. Цуьнан чулацам муха бара хьуна аьлча, тхо санначарна тIехь цхьа декхарш дуьсуш, ткъа Германигахь тхоьга къахьегийта бакъонаш юьсура. Болхбеш воций хьо- яхийта даймахка. Интеграци яйта а, курсаш чекхъяхийта а хьажош ахча дацара".
Социалан машанашкахь шех лаьцна а кIезиг дуьйцу Баха. Доьзал бевзачу наха дийцарехь, Устрада гIалар бу уьш цIера. ЙоьIан да Советан заманахь Германин малхбалехь офицер хилла ву, цундела Iалашо хилла церан оцу пачхьалкхехь биса.
Школехь доьшуш а йолуш, шен I7 шо долчу хенахь парти хIоьттина хилла Бела. Немцойн хьосташа яздо, Баварерчу парламентхоша а, регионалан СДПГ-н куьйгалхочо Конен Наташас а къобалйеш хиларх нохчийн къона йоI. Политика юкъара дIаяла дагахь хиллера Бах стохка, хаамбо зорбанаша, кIоштарчу партин декъан куьйгаллера дIайолуш кехат а чуделлера. Амма оцу заманчохь къаьстира, Социал-демократин партин могIаршкара депутат Беркерт Мартин хенал а хьалха дIаволуш хилар. Цуьнан метта еана ю Бах. Хьалха а шозза харжамашкахь дакъалаьцнера цо, амма аьтто ца баьллера.
Бундестагехь шен хинболчу керлачу балхах йоккхайоь йоI: "Политике юхаяр саанна ду и суна. Цигахь йиса лаьа суна, Мюнхенна а, сайн харжамхошна а пайден йолуш", - аьллачу Бахан дешнаш далийна немцойн хаамийн гIирсаша. Германехь бехачу нохчех цхьа дакъа реза дац, йоIа хеча лелош хиларна. Цундела йиш яц иза нохчо хила бохуш, дIахьедо цара.
"Африкаха цкъа президент хIоьттинера Iамеркан, хIетте а ша воллу африкахо ма висира, и йоI а санна. Нохчийн цIий ду цуьнца, амма дуьненчу ялар а, яхар а Германехь хилла цуьнан, цундела шен харжамхойн интересашкахьа хир ю иза. Немцойн башхалла цо тIеэцча, дIахаьдда иза Нохчийчоьнах. Иза нохчо яц, и саннарш дуккха а бу Германехь, и санначех хуьлу немцой а, оьрсий а. Нохчочо маре юьгур ю олийла дац и йоI, ахчана, я иза Iедалехь ю аьлла ша ца йигахь", - боху мухIажиро Анзора. WhatsApp-ехь нохчийн тобанаша дIасакхехьийтина скриншоташ гойту цо, йоьIан духар а, шен къомана иза генахь хилар а дуьйцуш.
Делахь а, оптмизме ву политолог Кутаев Руслан: "И йоI депутат харжарна со воккхавоь. Дозанал арахьа а балхаца а, политикехь а шаьш гайта деза кавказхоша. Белин масал -Iаламат пайден ду. Цо гойту, Германи демократин пачхьалкх хилар. Шайна тIебаьхкинчу, шайн мехкан бахархой хиллачу нахана некъ ца боьхку цигахь".
"Хеча лело йиш ю цуьнан, хьиджаб а, коч а санна, амма кхузахь коьртаниг кхин ду. Нийсонца, бакъонца хир ю иза, низамаш тIеоьцучу хенахь, мел пайден хир ю иза немцошна а, Кавказан векалшна а", - боху Кутаевс.
Шен махкахошна Бах тIехIуттур ю аьлла, нохчийн диаспоран сатийсамаш хилар а нийса ета Кутаевна: "Оьрсийн Iедалан лобби ницкъ болуш ю Германехь. Нохчашна дуьхьал бу церан болх. Оцу йоIана тIе доккха дукъ доьжна- жоьпалла. Нагахь санна, билггал иза нохчо елахь, шен махкахошна тIехIуттуш хила еза иза".