ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иркутскехь кхеле озийна стаг лачкъош дакъалаьцна 5 нохчо


Вевзаш волчу бизнесхочунна а, Нохчийчуьра 5 вахархочунна а стаг лачкъорна кхел еш ю Иркутскехь. Бохам хиллачуьнга 300 миллион сом мах болу гIишлонаш шайна тIеязъяйта гIерташ хилла кхеле озийнарш. Цунах лаьцна хаам бо Сибнет.ру сайто, Оьрсийчоьнан Талламан комитетан меттигерчу урхаллан зорбан сервисна тIе а тевжаш.

Талламан версица, бехке вон бизнесхо вевзаш хилла регионехь, совдегарийн бакъонаш ларъярхо а, меценат а санна. 2018-чу шарахь шен накъост лачкъо сацам бина цо, цуьнан долахь йолу гIишлош схьаяха дагахь. Церан мах бу билгалбаьккхина талламхоша 300 гергга миллион сом.

Цуьнах лаьцна хиъна низамаш лардон органашна. Зулам дечу минотехь лецна берш а цуьнан декъашхой.

Бехктакхаман гIуллакх толлуш талламаш бина 30 меттехь, шайна юкъахь Москва а, Соьлж-ГIала а йолуш. Кхеле озийначеран хIусамашкахь карийна герз а, гIоьмаш а, рацеш а, бронежелеташ а. Зулам вовшахтоьхначуьнгара схьадаьккхина 270 эзар доллар ахча.

Цу гIуллакхехула кхеле озийначу нахана 15 шаре кхаччалц хенаш тоха мегаш ю.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG