ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зуламхойн гонашкахь лоруш волу Хамидов Ахьмад лаьцна Дубаехь


Дубаи, полицин ницкъаш
Дубаи, полицин ницкъаш

Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмираташкахь лаьцна Оьрсийчоьнан Iедалша уггар луьра зуламхойх цхьаъ ву, бохуш лоьхуш хилла Нохчийчьура вахархо Хамидов Ахьмад.

Оьрсийчоьнан Талламан комитето бехке веш ву и стаг дерриг а дуьнентIехь адамаш дайина зуламан тоба кхолларна. Цуьнан декъашхоша цхьаболчу шаьш байинчу нехан декъий дашош хилла кислота чохь, яздо "Росбалт" агенталло. Цо хаам барехь, 5 шо сов хан яра Оьрсийчоьнан ницкъаллин структураш Хамидов лоьхуш волу.

Низамаш лардон органашкарчу «Росбалтан" хьастано дийцарехь, Дубаехь Хамидов лецира, наггахь бен хулуьш доцчу кепара - Iаьрбийн Эмиратийн лерринчу полицин тобано дакъа а лоцуш. Иза доьзна дара Ахьмад вуно кхераме хиларца, яздо "Росбалто".

Болчу хаамца, Оьрсийчоьно Эмиратийн полице дIалур ду Хамидовна экстрадици яр хьокъехь кечдина кехаташ.

Талламхоша дийцарехь, Хамидовс куьйгалла дечу тобанна юкъахь хилла, Кремлехь лаккхарчу даржашкахь ду шаьш боху нах. Цара хьал долу бизнесхой Iехош хилла лаккхарчу даржашка хIиттош а, алссам пайда бохьу контракташ тIеоьцуш а шаьш гIо дийр ду бохуш. Юкъарло лелорна ахча шайна схьаделлачул тIаьхьа и нах бойуш хилла цара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG