ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Германехь кхело экспертиза йойтур ю Абдурахмановн гIуллакхехула


Абдурахманов Мохьмад
Абдурахманов Мохьмад

"Немцойн тулгIе" (Deutsche Welle) зорбан гIирсо арахецначу артикална репост а йина, "Исламан пачхьалкхан" символика яржорна бехке вина Нохчийчуьра мухIажир Абдурахманов Мохьмад юха а кхелана хьалха хIуттур ву, шена тоьхна гIуда юхадаьккхинчул тIаьхьа.

"Сацам юхабаьккхина, амма Баварин Лаккхарчу кхело сацам боллуш бехказа ца ваьккхина со… Цу артикална репост ян сан бакъо хилар даре ца дина. Амма аьлла сан посташна экспертиза ян езаш хиларх лаьцна", - хаам бина Абдурахмановс "Кавказ.Реалиига".

Цо дийцарехь, кхин суьдхо а волуш, юхаталлийта гIуллакх юхахьажийна хьалхарчу инстанце.

Аугсбург гIаларчу кхело Нохчийчуьра мухIажир бехке винера "Исламан пачхьалкх" тобанна гIортор ярна. Стохка Марсхьокху-беттан 19-хь цунна 1350 евро барамехь гIуда туьйхира "Фейсбукехь" ши пост хIотторна.

Царах цхьаъ репост яра Deutsche Welle (Немцойн тулгIе) зорбан гIирсан оьрсийн маттахь йолчу "Исламан пачхьалкх" тобанна герз мичара долу бохучух дуьйцуш йолчу артиклан. Суьдхочо сацам бинера Абдурахмановс "Исламан пачхьалкхан" символика яржийна аьлла.

ШолгIа эпизод яра Израилан салтташа палестинахойн берана жIаьла тIехоьхух яьккхина йоццу 2 видеоролик. Facebook-о гойту царах хIора а хIара хаам а бой: "ХIокху видеохь берана я кхиазхочун ницкъ беш сцена хила мега. Оха дIа ца яьхна хIара материалаш Facebook-ра, цара бер кIелхьардаккха мегаш хиларна". Цу бухулахь комментарий ца йитинера Мохьмада. Ткъа Аугсбургерчу кхело жамI динера нохчо бехке ву адаман сий дойуш видеош яржорна аьлла.

Абдурахманов Мохьмад ву вевзаш волчу нохчийн блогеран Абдурахманов Тумсон ваша. И шиъ политикан тховкIело лоьхуш ву Польшехь а, Германехь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG