Соьлж-ГIалин мэран декхарш кхочушдеш волчу Хаджимурадов Iийсаца шен хиллачу цхьаьнакхетарехь Нохчийчоьнан куьйлхочо Кадыров Рамзана омра дира долахоша "хьакъ долчу кепара лелош доцу" лаьттан дакъош пачхьалкхан дола дахар хьокъехь. Цунах лаьцна хаам бо ЧГТРК "Грозный" телеканало, яздо Кавказ.Реалиино.
Масал санна республикан куьйгалхочо дийцира гIалахула волавелла лелаш аьчкан кевнаш шена гарх лаьцна, йоккхачу тоьпан хIоъан гергаш еттаелла ларш а йолуш. Цо, Кадыровс дийцарехь, юха а дагабоуьйту хилла тIом.
Кадыровс кховдийра ши некъ: я долахоша оьшучу хьоле даладо шайн дакъош, я уьш пачхьалкхан дола дахаран процесс дIайоло дезар ду.
И процедура муха йогIуш ю Оьрсийчоьнан низамца бохучух лаьцна ца дийцира цо. Болчу хаамца, цу тайпанчу дакъойн долахой лохур бу мэрино, низамаш лардон органашца цхьаьна. Уггар хьалха инпекци йийр йолуш ю Соьлж-ГIалан юккъерчу декъана.