Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана республкерчу Iедалехь ницкъаллин структурийн блокехула вице-премьеран дарже хIоттийна Висмурадов Абузайд. Цунах лаьцна хаам бина ЧГТРК "Грозный" телевизионо.
Висмурадов ву СОБР "Терек" герзхойн тобан командир а, "Ахмат" латархойн клубан куьйгалхо а.
Висмурадов юкъатоьхна ву "Магнитскийн низамца" хIоттийначу Американ санкцин тептарна.