ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Firdaws-а шен керла коллекци гойтур ю Парижехь


Firdaws модан цIийнан гайтаман декъашхой
Firdaws модан цIийнан гайтаман декъашхой

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан йоккхаха йолчу йоIа Кадырова Iайшата куьйгалла дон Firdaws брендан 10 шо кхачарна лерина мероприяти хир ю Францехь, хаам бо «Грозный-информ» агенталло. Чиллан-беттан 23-хь Парижехь Le Marois хьешан цIийнехь гойтур ю "Безаман истори" цIе йолу духаран керла коллекци.

Кадыровас дийцарехь, цу мероприятин Iалашо ю "нохчийн культурех лаьцна дуьненна а, дуьненан а, Европан а культурах лаьцна Нохчийчуьрчу нахана а" дийцар.

Firdaws брендан модан гайтам хир бу "Оьрсийн сезонаш" проектан дакъа санна. Иза дIахьош бекар бу нохчийн халкъан оркестро а, Нохчийн пачхьалкхан филармонин симфонин оркестро а локху нохчийн къоман мукъамаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG