Лоьраша билгалдаьхна деган цамгарш ца хилийта оьшу магний алсам долу сурсаташ. Newsyou сайто яздарехь, говзанчаша хьехар дина хIора дийнахь 400 миллиграмм магни даа деза аьлла.
Лоьраша билгадаккхарехь, магний алсам ду Iаьржачу шоколадехь. Авокадохь дуккха а магний хилла ца Iаш, иза юьзна ю цхьацца кхечу пайде йолчу витаминех. Магни тоьаш ца хилча даа деза баIарш.
Цул сов, шеца дуккха а магний долуш ю шпинат (лат. Spinacia oleracea) а, сула а, хӀордчӀара а, скумбри олу чӀара а.