Туркойчоьнан президенто Эрдоган Реджепа дIахьедар дина Шемарчу Идлибехь хуьлург тIом бу аьлла. Reuters агенталло хаам барехь, цо билгадаьккхина тIаьхьарчу тIеман тасадаларшкахь 150 гергга Шеман эскархо вийна хилар.
Эрдогана хаам бина Анкарано шена хетарг довзуьйтур хиларх лаьцна Оьрсийчоьнан куьйгалхочуьнца Путин Владимирца шен цхьаьнакхетар дIадирзича.