ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путинах шена хетарг аьлла Сандерс Бернис


Сандерс: ова е почеток на крајот на Трамп
Сандерс: ова е почеток на крајот на Трамп

Оьрсийчоь гIо дан гIерташ ю хин болчу президентан харжамашкахь сенатор-демократана Сандерс Бернина, хаам бина "Вашингтон пост" газето. "Американ офциалан Iедалхоша" дIахьедар дина, Оьрсийчоьно харжамийн компанина Iаткъам бан гIертар хааделла аьлла, дуйцуш ду оцу хаамехь. Иза хаийтина президентана Трамп Дональдана.

"Американ аз" зорбан гIирсо билгалдаккхарехь, газето и хаам баржийна довзуьйтуш доцчу хьасташна тIе а тевжаш. Амма дуьйцуш дац муха еш ю Оьрсийчоьно цунна и гIортор.

Сенаторо Сандерса дина цу хьокъехь леррина дIахьедар. "Трамп Дональда лелочуьнца дуьстича, суна ца хета Путин Владимир адамаш деза доттагI ву аьлла. Иза бандит-автократ ву, демократи хIаллак ян а, Оьрсийчохь шена реза цахилар охьатаIо а гIерташ волу. Вай доькъуш, оьрсий гIерташ бу Iамеркан демократи йохо", - аьлла Сандерса.

ХIинца волчу президенте хьаьжча ша дуьхьалваьлла ву муьлхха а пачхьалкх Америкерчу харжамашна юкъагIертарна, билгалдаьккхина Сандерса.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG